Нохчийн метан урок
  
 
  6-г1а класс
  
 
  Тема: Терахьдешнийн нийсаяздар
  
 
  1алашо:дешархойн терахьдешнийн долу хаарш т1еч1аг1дар;терахьдешнийн нийсаяздар бакъонаш йовзийтар; дешархой кхетош-кхиор.
  
 
  Т1ехьажаман г1ирс: Терахьдешнийн нийсаяздаран таблица, кехаташ, орфографин дошам.
  
 
  Урок д1аяхьар
  -  Ц1ахь бина болх таллар. 
 §24, 144-г1а шардар
  
 
  -  1амийнарг карладаккхар. 
 
 
  - Х1ун гойту терахьдешо?
  -Муьлхачу суффиксийн г1оьнца кхоллало рог1аллин терахьдешнаш?
  -Даладе масалш цхьалхе а, чолхе а, х1оттаман а терахьдешнаш?
  -Дийца терахьдешнийн кхолладаларх лаций.
  
 
  Тесташца талам бо дешархойн терахьдешнех долчу хаарийн.
  
 
  Тест 1. Х1уманан рог1алла я масала муьлхачу къамелан декъо гойту?
  
 
  а) хандашо;
  б) ц1ерметдашо;
  в) терахьдашо+.
  
 
  Тест 2. Ц1ердашца цхьаьна лелачу терахьдешнаш х1ун терахьдош олу?
  
 
  а) лааме;
  б) лаамаза+;
  в) ларамаза.
  
 
  Тест 3. Масаллиин терахьдешнех рог1аллин терахьдешнаш муьлхачу суффиксийн г1онца кхоллало?
  
 
  
 
  а) –лг1а,-алг1а+;
  б)-рг,-рш;
  в) иг,-ниг.
  
 
  
 
  Тест 4. Предложенин муьлха меже хуьлий лела лаамаза рог1аллин терахьдош?
  
 
  а) латам;
  б) къастам+;
  в) кхачам.
  
 
  Тест 5. Предложенин муьлха меже хуьлий лела лааме рог1аллин терахьдош?
  
 
  а) подлежащи я къастам;
  б) подлежащи я сказуеми;
  в)подлежащи я кхачам+.
  
 
  Тест 6. Муха кхоллало декъаран терахьдешнаш?
  
 
  а) масаллин ши лард цхьаьнакхетарца+;
  б) рог1аллин ши лард цхьаьнакхетарца;
  в) чолхе терахьдешнаш цхьаьнакхетарца.
  
 
  Тест 7. Муха кхоллало дакъойн терахьдешнаш?
  
 
  а) рог1аллин терахьдешна масаллин терахьдош т1екхетарца;
  б) масаллин терахьдашна рог1аллин терахьдош т1екхетарца +;
  в) масаллин терахьдашна т1е суффиксаш кхетарца.
  
 
  
 
  3. Хьалххе хаийтаран диктант.
  
 
  1990-чу шарахь Нохчийчохь халкъо хаьржина Нохчийн депутаташ бара: Лакхарчу Советехь-113, районийн Советашкахь-990, яртийн, поселкийн, г1аланийн Советашкахь-2000…Х1етахь лаххара а 50 эзар стагах лаьттара нохчийн интеллигенции.
  (Хозуьйтуш доьшу терахьдешнаш, толлу церан нийсаяздар)
  
 
  4.Кхетош-кхиоран болх д1абахьар.
  Даладо г1иллакх-оьздангаллах лаьцна кхо кица.
  - Г1иллакхца бен къонах хила вац.
  -Нехан даг т1ера вожарал докха вон дац.
  -Болх бечу кхаьчча-болх бе, юучу кхаьчча –яа.
  Хьехархочун г1онца досту кицанийн маь1наш.
  
 
  Ткъа х1инца г1иллакх-оьздангаллах лаьцна кхин хьан х1ун дуьйцур дара?
  ( Шина дешархочуьнга дуьйцуьту шайна баккхийчаьргара хазнарш)
  
 
  5. Керла тема йовзийтар.
  
 
  Тайп-тайпанчу терахьдешнийн нийсаяздаран бакъонаш, таблицах пайда а оьцуш, дешархошна йовзуьйту. Йоьшуьйту 24-г1а §бакъо. Пхеа дешархочуьнга карточкашца болх бойту.
  
 
  6. 1амийнарг т1еч1аг1дар . Кхочушдо 146-г1а шардар.
  
 
  Терахьдешнашна к1ел сиз хьокху, юьйцу нийсаяздаран бакъонаш.
  -Мила ву оцу шардар т1ерачу кийсакан автор? (Айдамиров Абузар)
  - Хьан дуьйцур дара Айдамиров Абузарах лаьцна?
  - Муьлха произведении 1амийна аша Айдамиров Абузаран?
  
 
  (Айдамиров Абузарах лаьцна дуьйцу, хаттаршна хоьпаш ло дешархоша)
  
 
  7. Урокан жам1 дар.
  
 
  Муха ю тайп-тайпанчу терахьдешнийн нийсаяздаран бакъонаш? Даладо масалш.
  
 
  8. Рефлекси яр.
  
 
  9. Ц1ахь бан болх балар.
  
 
  25-г1а §, мини-сочинени « Г1иллакх-ах дин»
  
 
  10. Дешархойн белхийн мах хадор.