11-г1а урок
Урокн ц1е: «Акхарой. Дош . Дешдакъа»
1алашо: берашна тайп-тайпана акхарой йовзийтар . Цара бохьучу пайданах хаамаш балар. Берийн дешнех , дедакъойх болу хаамаш шорбар.
Кхочушдан лерина жам1аш
1.Предметни: брашна евзар ю тайп-тайпана акхарой .Берашна 1емар ду акхарой вовшех къасто , уьш йовза. Бераша шорбийр бу дешнех ,дешдакъойх болу хаамаш, 1емар ду дешдакъош схемица билгалдаха.
2.Метапредметни:
Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, учебника аг1он т1ехь шаьш хьалха-таьхьа 1амор долчунан план х1отто. Цу планан рог1алла ларъеш учебникаца болх бан. Берашна хуур ду шайн кхиамийн мах хадо, кхачамбацарш довза царех ларбала.
Познавательни: берашна хуур ду акхарой стенгахь еха, х1ун пайда бохьу , уьш муха 1алашъян деза. Берашна 1емар ду дешнийн схеманашца болх а беш , цу схемехь дешдакъош билгалдаха. Берийн алсам дер ду тидаме хилар.
Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочуьнга ладог1а , цуьнан хаттаршна жоьпаш дала. Берашна 1емар ду вовшашка хаттарш дала , царна жоьпаш дала. Берашна хуур ду шаьш бинчу белхан мах хадо.Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан , шайн накъосташна г1о дан. Билгалбохур бу кхачамбацарш, кхиамаш а.
3.Личностни: берийн лаам кхоллалур бу акхарой 1алашъян , церан доладан. 1аламе безам кхоллалур бу берийн .
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
(Хьехархочо уьн т1е д1аухку суьрташ: ча, борз, страус, пхьагал, тарсал, лом, цхьогал)
-Хьовсал кху суьрташка .Х1ун ю кхарна юкъахь совнаха? (Страус)
-Х1унда ю страус совнаха? (Берийн жоьпаш)
-Страус совнаха ю , х1унда аьлча важа йисинчу х1уманех акхарой олу , ткъа ткъа страус олхазар ду. Алал массара акхарой.
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана урокехь? ( Вай дуьйцур ду акхаройх лаьцна)
3. 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла учебникан 16-г1а . Х1ун ю цу т1ехь гуш ерг? Х1ун 1амор ду вай хьалхара?
-Х1орш х1ун ю? (Акхарой)
-Х1ун 1емар ду вайна хьалхара?
-Х1ун дийр ду вай схеманашна?
-Х1ара х1ун ю? (Сурт ду)
-Х1ун дийр ду вай суртана?
-Вайна тахана 1емар ду акхарой довза, хуур ду цара х1ун пайда бо, уьш мичахь еха. Вайна 1емар ду дешнийн схеманашца белхаш бан, суьртах лаьцна дийцар х1отто.
4.Акхарой йовзийтар.
-Х1ун 1амор ду вай хьалхара?
-Акхаройн ц1ераш яха.
-Х1ара х1ун ю? (Ча ю )
-Х1ара х1ун ю? ( Борз ю)
-Х1ара х1ун ю? (Пхьагал ю)
-Х1ара х1ун ю?( Лом ду)
-Х1ара х1ун ю? (Цхьогал ду)
-Х1ара х1ун ю? (Тарсал ю)
-Царех массарех х1ун олу? (Царех массарех акхарой олу)
-Кхин муьлха акхарой евза шуна? (Берийн жоьпаш)
-Акхарай стенгахь еха? (Хьуьнхахь)
-Шуна х1ун аьлла хетта: уьш оьший вайна? (Берийн жоьпаш)
-Моссо акхаро оьшуш ю , цара боккха пайда бохьу
-Х1ун 1еми шуна?
-Кхин д1а х1ун 1амор ду в ай? (Схеманашца болх бан)
-ЧА дешан масса дешдакъа ду? (ЧАААА- цхьа дакъа ду)
-Хьан юьллур яра ЧА дешан схема?
-Хьовсал цо иза нийса йиллиний, книги т1ехь муха ю иза? (Бераша тидам бой жоп ло)
-Кхин муьлха дешнаш ду оцу схемина дог1уш? (Борз , лом ду)
-Маса дешдакъа ду ПХЬАГАЛ дешан? (ПХЬААА-ГАААЛ- шиъ дешдакъа ду)
-Хьовсал цо иза нийса йиллиний, книги т1ехь муха ю иза? (Бераша тидам бой жоп ло)
-Кхин муьлха дешнаш ду оцу схемина дог1уш? (Цхьогал, тарсал ду)
-Х1ун 1еми шуна?
5. Сада1аран миноташ.
Дог1а
Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,
Мархаш йоьлху, йоьлху.
Т1адамаш лаьтта 1ена, 1ена, -
Мала хи, к1а, мала.
К1ено охьатаь1ий:
Молу, молу, молу.
Мела дог1а, ца соцуш,
Дог1у дог1у, дог1у.
(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа, куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьалаерзайо, т1аккха охьаерзайо)
6. Дозуш долу къамел кхиор.
-Х1ун дийр ду вай х1инца?
-Суьртах лаьцна дийцар х1оттор ду.
-Х1ун ю суьрта т1ехь гуш ерг? (Суьрта т1ехь гуш ду лаьмнаш)
-Х1ун ю лаьмнашкара охьадог1уш? ( Охьадог1уш шовда ду)
-Х1орш х1ун ю? (Берийн жоьпаш)
-Х1орш нохчийн шира б1аьвнаш ю.
-Шу хиллий лаьмнашкахь? Муха дара цигара х1аваъ?
-Муьлха акхарой гина хьуна?
-Мегар дуй акхарой шена хазъелла аьлла , ц1а яло? (Берийн жоьпаш)
-Акхарой схьалеца , ц1а яло мегар дац. Х1унда аьлча уьш ю адамаш сана шайн доьзал болуш, доьзалах д1ахадар чевне хуьлу царна.
-Бераш аса тайп –тайпана х1уманийн ц1ераш йохар ю , шу д1адийша аса ц1ера дийнат аьлча, хьалаг1овтта акхаро аьлча.
Лом, етт, ж1аьла, борз , цхьогал , пхьагал, ча, говр, тарсал , цициг, эса.
6. Жам1 дар.
-Муьлха акхарой евзира шуна?
-Стенгахь еха акхарой?
-Шуна гиний цхьа а акхаро?
7.Рефлекси.
-Дагаяйита вайн план.
-Х1ун дан ницкъ кхечи хораннан?
Суна евзи…
Суна 1еми…
Суна хии..